Ца хилла ирс

24 октября 2022, 20:37

Т|екхочуш дар йоь|а 18 шо кхочу де.Т|екхочуш яра йиллин хан.

Т|еюху цхьа коч, т|еюх важ кхи коч..-Х|ара хазхетар юй те Исламин? А х|ара муха хетар ю те цун?Х|ара товр юй те соьхь?

-Радима, сих ма ло, х|инци ши к|ир ду дисин, ларор ю хьо коч харжа, парг|ат харжа хьай, ма ло сих,- бохуш, Радимин уллехь цуьнан нийса накъост Райана яр.

Коч хаьржина, куча сурт дахьитан Исламин, цо х|ун эра ду те цун, бохуш ойла еш йоьдуш яра Радима. Г|ирс кечбеш х|окхарн г|о да дезаш йолу йо| Исламарн генахь |аш яцар, и схьа яло цаьрга яхнера Радима ше шичици, ткъа дено сарралц телефон схьаоьцуш Ислам вацар.Кечамш беш хир ву, ларош хир вац бохуш, ша шена масла|ат деш |ара Радима, и чу ца волуш хан яьлча.

Д|акхечира х|орш и йо| йолче.

-Марша дог|ийл шу!Схьа чу дуьйла,-аьлла елакъежна дуьхьал елира х|окхер г|оьнча Зулай.

-Делер салам маршал хуьлда, хьо ларош юй? Хатт мел везарг могуш вуй?

-Алхьамдулиллах| дукх дик |аш вукх шаверг, лара йо.

Хабар дуьйцуш вовше, шай т|орк|азш муха кечдич хаз хир дар те, бохуш т|ебирзан бохкуш бар йо|ри.-Хан йилний?-хаьттира Радимег Зулайс.

-Х|аъ, йиллин, бакхи нах там мах беш 3-4 де дисча бохкуьтар бу аьлла йиллин хан т|екхача.

-Гуттар дика ду, хьаьнга йоьдуш ю хьо?

-Х|окх шу урамер Исламе.

-Ислам ялийн ма ву, Исламе муха йоьду хьо?-элира Зулайс Радиме.

-Цо забар йо моьттуш йолчу Радимас элира:-Дер йоьду ишт, шолаг|ниг йоьдш ю со цунг.

Бела а боьлуш |ара йо|ри, ца хаар Радимин, цо йинарг забар йоци.

Бовла боьвла, д|абоьдуш некъ чекх баллалц ара хьоьжуш яха марз елла йолу Радима, корех ара хьоьжуш йохш яра Радима.Исламер кет|ахь, Исламс йицан хил шега светофор дага еан, д|а схьа хьаьжира Радима, Ша г|ур йолу керт гой техьа, аьлла.

Исламер керт йолчар светофорехь х|орш совца соьвци, Радимин Ислам гир.Жимал яла йолуш йолу йо| чу хаийна, цхьанахь вахар Ислам. Цун гергар яр им, эра дар Радимас, шен и йо| х|инцалц гинехьари, Ислами, оц йо|а цхьатер духарш ца хиллехьари т|едоьхна.

Чу кхаьчхенахь, Радимас Зулайг хаьттира:-Буьйса дик хил хьа, Зулай. Хьо бакъал луьш яр, Ислам ялийн ву олучу хенахь?-Дал езийла хьо, Радима, дер яркх. Бакъал хир яц хьо цунг йоьдша-м?-Х|а-х|а яцар со-м,-аьлла, ше дегош долу аз ца хазийта сихонц д|аяйъира Радимас телефон.

Бин кечам бу, диснарг к|ира ду.Йо|а доьхна дог ду.Ахь дошша-м деллера, са б|аьргаш доьлхучур совцур дац аьлла, ткъа сай лозучу даган доьлхучур совцур дац, аьлла, делла дош ду х|унда ца алар ахь соьга и?-бохуш елхар йо|.

Цу буьйсан кехат яздир Радимас, Исламе д|адал.

Дийнахь, кеч ел, х|умма ца хилча санна елар хоттийн йоьхь т|е, б|аьргш къага къеган ц|аа ца йилханч санна, цер урамехул ше нийсархошци йола яла яхар Радима, ша яздина долу кехат схьаэцна.

Цер урамехь хиъ|аш Ислам гир цун, ше х|усам-нана нуй хьаькхна яллалц, цуьнг хабар дуьцш, воьлуш, забарш еш.

Радимех б|аьрг кхетча, цец велира Ислам, ц|аа шаьш долчахь и ган марзвелла воцу.Ислами б|аьра хьоьжуш, «Ахь х|унда би сун х|ара тешнабехк, х|унда |ехи ахь со?» бохуш хеттарш деш ша шега, уллохула т|ех елира Радима.

Урамер цхьа жим йо| шен т|е кхайкхан, цун Х|усам-нана чу яхча, оцу жимчу йо|е Исламе кехат д|адалитир цо.

Кехат схьаэцна Ислам деша дешна Радиме хьаьжира, ткъа Радима, ше хиш дуьзна долчу б|аьргашца Ислами б|аьра хьаьжна, т|аьххьар цуьнца |адика еш, д|аяхар Радима.

Исламс, Радимас, лулахой кевнаш цхьан доьллуш, шаьшим адам цхьана тухар ду, аьллачу дийнахь, адам цхьана туьйхира.

Ше 18 шо кхочу дийнахь, Ислами керт юссуш меттан к|ай духар доьхна, к|ай марчо доьхна кешни кертар латт бух йирзир Радима.

Цул т|аьхьа нисс 2 де делир, 3 буьйсан, йо| латта буха йоьллин |аш болчу Радими ц|ерчарг шийла кхаъ беара:Ислам вижан |аччохь д|аваьлла карина, аьлла.

Йо| д|айоьлли, к|ант д|авоьлли.Цаьршин безамах диснарг, Радимас |адика еш яздина кехат дукх:

«Юххул са даг т|е кхача, са п|ендарш кегго дезар ду хьа.»Са ца хилла ирс..

Пока нет комментариев. Авторизуйтесь, чтобы оставить свой отзыв первым!