Дагалецамаш
24 октября 2022, 18:46-Радима, Радима хьалг|атта, ма |а йиш яц вай,-бохуш, ша сам яккха г|ерташ йолу шен т|ехоьттан |аш йолу шен доттаг| гир цун.Вай х|ун хилла? Ялхолг|а сахьтехь сам ма яькхи ахь со, х|умма-м ца хилла? -Радима, вайш ях езаш ю, йоло соьци хьо.
-Стенга йоьдуш ю вайш? Хилларг х|унд ду? Кхета ехьа со, ма цец яькхан ахь со.Райана, дийцахьа соьга х|ун хилла?
-Радима, хьалаг|атта, йоло хьай йоьхь йиле, х|ума яа, д|акхаьч хуар ду хьун, хилларг х|ун ду.
Ах сахьта дели цул т|аьхь цу юкъа, схьаеара Радима.-Радима, |аьржа йовлакх тилла, |аьржа х|уманш йохахьа, кхоьлино ю вайн, сирла бос болу х|ума товр яц арахь дол хьоле хьаьжча.
-Мегар ду Райна, со кийча ю-кх х|инц.Стенга йоьдуш ю вайш?
-Схьавохуш новкъахь са Ваша ву, яхан йох вайш.Цхьан керт яха езаш яр со, сай пакет схьаэца.Вуьцш лаьтшехь схьакхечи-кх х|ара.Йоло, чу хуу вайш.
Некъ ларбеш |аш йолу Радими вуон а, дика а ойланаш яр коьртехь:Х|окх ураме х|унда даьхки те вай, х|окх юкъахь ма дукх машенаш ю-кх.
-Д|акхечи вай, йоло Радима, чу йоьду вайш.Шен улле яькхна пхьарс а лаьцна цхьана тап аьлла долчу керта йигира Райанас Радима.
Не| д|айиллича, вахь биллан шарур к|айн куз санна д|ахьарчиначу х|умнах б|аьрг кхийтира Радими. Т|ехьа хьаьжча, шеци йолу Райани б|аьра хиттийн хиш гир цун.-Вайш х|окхе х|унда еан? х|орш муьлш бу?Райана, ма |е тап али, кхета е со хилчух!!-И Мохьмад вукх.
-Мил ву Мохьмад? Мичахь ву Мохьмад? Ахь дийца х|ун дуьйцу?
-Радима, Мохьмад д|аваьлла Сийсар, авари йин ша волчахь кхалхар нисделла цун.
|уьллучу к|айн х|уман улле яхча, марчо юкъ хьарчинарг Мохьмади дакъа дуй гир Радимин.-Ахь х|ун дуьйцу Райааан, хулийла ма дац ишт,-Мохь баьлла, голашка юьйжира йо|.Мохьмаад, хьалг|атта, ма |е ишт Мохьмад, са доттаг| вац хьо? Ма ле яйша со, алийш цхьаммо, х|ара шаьш йина |овдал забар ю, алийша х|ара г|ан ду!! Мохьмааад, г|атта хьал, ма йита со тесна. Сун г|оьнча мил хир ву Мохьмад? Хьо д|аваьлча сун хьехар хьа дийр ду?
Елхар минотан соцуш дацар Радими, ца тешар и Мохьмад ву аьлча и охь виллинарг.
-Радима, хьайола, ара йолу вайш х|окх чуьра.Хьалг|атта Радима, хьайола, ма |е х|окх уллехь.Хьун и ма гайта аьл дара, делахь хьун и ца гайтич, со мегар яцар, цундела х|инц схьайола.Х|окх чу кхиболу нах гул балле ялийна яра ас хьо х|оккхе, х|окхун йиш йолшехь вай доттаг| Ясмина ю сатоьхна |аш. Йоло х|инц, д|айоьду вайш, суьйренци чу кхетар ю вайш, Ясмина муха ю хьожуш.
-Т|аьххьаре |адик яйтахьа соьга Мохьмадиц Райана, со ара йолу хьуна т|акха.Тап аьлла, кхи йиста ца хуьлуш, дехьа чу елира Райана, и ша юьтуш. -Мохьмад, Са хьоме Мохьмад, х|ара худу ахь динарг? Ишт со |ад йитан х|окху дуьненахь сой, д|авоьдуш ву хьо? Са доттаг| вацар хьо х|а Мохьмад? Ахь х|унда |овжи са кийра, х|унда дохи ахь са дог Мохьмад? Са ойла х|унда ца йир ахь Мохьмаад, х|унд ца йир ахь соьц |адика?Ахь безаман некъ сайг кховдийча, т|елаьцна хир ма бар ас, хьо ишт сих д|аг|ур вуй хиънехьари. Хир ма яцар со кхечунг йист, |ад вуьтар ма вар ас Ислам, цуьнца болу некъ д|ахадор ма бар ас Мохьмад, ахь ишт сихо йийр юй хиънехьари хьа дог эцна хир ма дар ас. Дала са ц|еначу даггар декъал войла хьо, Дала геч дойла хьун Мохьмад.Къинт|ер валлахь сун, къинт|ера валлахь суна Мохьмаад, ас хьайгар безаман некъ т|е ца эцарн.Дала хьой вирзинчу х|усамех ваккхири войтуьл хьо.
-Райана, йоло, д|айоьду вайш.|адика йойла хьа Мохьмад..
Чур ара яьлла ц|а яхара Радима, Райана.Ц|а яханчу хенахь ша, чу яхан охьа хиъ, ойла я хоьттира и. Телефон т|е хьаьжча, шега тоьхна хилларг сийсар мил хилла те, шег хьатоьхначунга д|атуьйхира Радимас.-Алло?
-Алло? Хьо мила ву хаа мегар дари?
-Дер мегар дукх, Со Ахьяд вукх.
-Лаа тоьхнери ахьа соьг сийсар?
-Х|а-х|а са йиш, хьоьга тоьхнарг со вацар, Дала геч дойла цун, са доттаг| Мохьмад вар. Цуьн номер ю х|ара.
-Мегар ду, сийсар мас даьлча йина цо авари?-Аз дегош хаьттира Радимас.
-Цхьайттолг|ачу сахьтехь йина.
-Мегар ду, Дела реза хил хьун.
-Массарна хилил и реза.
Йо|а кхоьлинчу юьхь т|аьхь елар хоьтти.Мохьмад, соьца |адика я тоьхна хилла-кх ахь соьга, хьомениг, йиц елла ца хилла-кх хьун со.
Мохьмад 19 шо долуш, Радими юьртахо, доттаг| вара. Шен Ислам воьвзича, цунг йистхила йола елла, Мохьмадс шегар безаман некъ т|е эци, шега йистхил аьлча, ше кхи некъ бу, аьлла т|е эцна ца хиллера Радимас Мохьмади безам. Цу т|ехул, цунца долу гергарло д|ахадийра цо. Амма х|инца йо| дохко а юьйлуш ойла йора хилчун. Эцна хил делира ас ша цун дог, йин ялар ша цун терго бохуш. Б|аьргар хиш |енош г|ийло тоьвжан |аччохь, хиллачух дик кхетта йоцучу Радимин наб кхийтира.
Пока нет комментариев. Авторизуйтесь, чтобы оставить свой отзыв первым!